Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІудхойн паччахьо ЯхІу-Яхина Бавеларчу набахтехь ткъе вуьрхІитта шо даьккхича, Авил-Мардуха иза набахтера аравалийтира. Иза хилира Авил-Мардух Бавелан паччахь хилла дІахІоьттинчу шеран шуьйтталгІачу беттан ткъе ворхІалгІачу дийнахь. Везачу Эло соьга элира: «ДІаала паччахье а, паччахьан нене а, шайн паччахьан гІанташна тІера охьабисса, хІунда аьлча церан кортошна тІера сийлаллин таьжнаш охьаэгна. Ас мерах йолла чІуг а елира хьуна, лергех тийса чІагарш а, иштта коьрта тІе тилла исбаьхьа таж а делира хьуна. Массо а аренгарчу дитташна дІахуур ду Ас, Везачу Эло, лекха дитташ лаха дохийла, ткъа лоха дитташ лакха дохийла. Сийна дитт Ас дакъадо, ткъа дакъаделларг, заза доккхуьйтий, дІахІоттадо. Веза Эла волчу Аса иштта элира, ткъа Айса аьлларг кхочуш а дийр ду Аса». паччахьаш шайн гІанташкара биссийна, ткъа миска нах Цо айина.
Выбор основного перевода