Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа а шу, Суна дуьхьал а девлла, Соьга ладугІуш ца хилахь, Айса ден долу таІзар ворхІазза совдоккхур ду Ас аш къинош леторна. Со а вер ву шуна дуьхьал. Ас ворхІазза сов таІзар дийр ду шуна аш къинош леторна. ТІаккха Балакх чІогІа дарвелира БалиІамна. Шен куьйгаш вовшах а тухуш, цо БалиІаме элира: «Аса сайн мостагІашна неІалт хьажо схьавалийнера хьо, ткъа ахьа хІинца кхозлагІа а уьш декъалбеш бу. ЯхІу-Якхама паччахьалла дечу хенахь, Бавел-мехкан паччахь волу Набухди-Нецар ЯхІуд-махкана тІегІоьртира. Кхаа шарахь Іийра ЯхІу-Якхам-паччахь Набухди-Нецаран олаллина кІел. ТІаккха ЯхІу-Якхам-паччахь Набухди-Нецарна дуьхьалвелира. Цу хенахь Бавел-мехкан паччахьан Набухди-Нецаран тІеман хьаькамаша, Ярушалайм-гІалина тІе а гІоьртина, цунна го бира. ЦІадукъ-ЯхІус паччахьалла до уьссалгІа шо долуш, шеран уьтталгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь, Бавел-мехкан паччахь Набухди-Нецар, шен дерриг эскар а эцна, Ярушалаймана тІамца тІевахара. ГІалина уллохь меттамотт дІа а хІоттийна, ерриг а гІалина гонах гунаш дира цо, иза схьаяккха кечам бархьама. Цул тІаьхьа Хьалдолчу Эло соьга элира: «Куьйгаш вовшах а детташ, когаш а бетташ, дІаала: „Жолам-яІ!“, исраилхоша лелийна долчу дерриг а вочу а, дегазчу а гІуллакхашна. Уьш тур а, мацалла а, Іожаллин ун а бахьана долуш хІаллакьхир ма бу. ‘Нах лебарца аша са яккхарна а, иштта шайна юкъахь цІий Іенорна а, Аса сайн куьйгаш вовшахтоьхна. Ткъа Бавелан паччахьан куьйгаш Ас чІагІдийр ду, цуьнан кара Сайн тур а лур ду, ткъа пирІунан куьйгаш Ас кегдийр ду. Иза цунна хьалха, валлал чІогІа лазийнарг санна, узарш деш хир ву.
Выбор основного перевода