Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лабан уьстагІий ларга вахача, Рахьала цуьнан цІахь болу цІуш лачкъийра. Якъубан тІаьхьенна дуьхьал лелийна бозбунчаллаш а кхочушхир дац, Исраилан халкъана дуьхьал тесна пал а кхочушхир бац. Шен хенахь Якъубах лаьцна наха дуьйцур ду, Исраилах лаьцна эр ду: „Иштта хІума дина-кх Дала!“ Микин шен делан цІа дара. Цо ийпад а, цІуш а бира. Цул тІаьхьа цо, шен кІенташна юкъара цхьаъ къобал а вина, цунах динан да вира. Цхьа хІума шаьш дале, наха кхаж тосу, амма цу хІуманан тІаьхье Везачу Элехь ю. Мисархой доьналлех боьхна хир бу, церан ойланаш а йохор ю Ас. Уьш шайн цІуйх а, беллачийн синойх а дагабуьйлур бу. Беллачийн синош тІедоьхуш болчарна а, жинашца тайначарна а тІегІур бу уьш. Шу некъаш галморзаха довлучу меттехь латта ца дезара цуьнан бевддарш хІаллакбархьама, дийна биснарш дІабала а ца безара аша оцу баланечу дийнахь.
Выбор основного перевода