Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Паччахьан дарж ЯхІудах дер дац, цуьнан тІаьхьенан карахь гуттар а хир ю олалла гойтуш йолу гІаж, иза Шилун-гІала дІакхаччалц а, халкъаш цунна муьтІахь хиллалц а. «Ас къобалвина Сайн паччахь Цийон-лам тІехь, Сайн безачу лам тІехь». «ТІекхочуш ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Аса Даудан тІаьхьенах Сайн лаамехь волу цхьа зІийдаг кхиор йолу. Цо хьекъалца паччахьалла дийр ду, хІокху лаьтта тІехь нийсо а, бакъдерг а лелор ду. Цо олалла дечу деношкахь ЯхІудан халкъ паргІат хир ду, ткъа Исраилан халкъ сашортехь Іийр ду. Цуьнан цІе иштта тиллина хир ю: „Тхуна нийсо лелош волу Веза Эла“. Веза Эла волу Со церан Дела хир ву, ткъа Сан ялхо волу Дауд царна юкъахь эла хир ву. Иза Аса боху, Везачу Эло. Сан ялхо волу Дауд церан паччахь хир ву, царна массарна а тІехь цхьа Іу а хир ву. Уьш Сан тІедехкинаршца лелар бу, цара Сан парзаш, кхочуш а деш, лар а дийр ду. «ЯхІуд-мехкан мехкада волчу Зурбабеле иштта дІаала: „Аса стигалш а, латта а дегор ду. Ас харцор ду паччахьийн гІанташ, хІаллакбийр бу хийрачу пачхьалкхийн ницкъ. Ас гІудалкхаш а, царна тІе хевшинарш а харцор бу. Говраш охьаоьгур ю, церан дошлоша вовшийн таррашца хІаллакбийр бу. Оцу дийнахь, – боху Везачу Эло, – хьо, Сан ялхо, Шалтаалан кІант Зурбабел, Ас, схьа а эцна, Сан пІелга тІехь долу мухІар санна латтор ву, хІунда аьлча хьо Ас къастийна ву, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло“». Цуьнга дІаала, – иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Хьажал, ЗІийдаг цІе йолчу хІокху стага ша волчохь зІийдаг хьалакхиор ю, Везачу Элан цІа юхаметтахІоттор ду цо. Везачу Элан цІа дІахІоттон верг иза хир ву. Паччахьан сийлалла тІеоьцун верг а иза хир ву, паччахьан гІанта тІехь олалла а дийр ду цо. Цуьнан паччахьан гІанта уллохь коьрта динан да хир ву, ткъа цунна а, вукхунна а юкъахь барт а, машар а лаьттар бу“. Везачу Эло боху: «ЧІогІа хастамаш бе, Цийонан йоІ! хазахетарца цІогІа тоха, Ярушалайман йоІ! Хьажал, хьан паччахь ву хьо йолчу вогІуш! Нийса а, толам баьккхина а ву иза. Делахь а цуьнан эсала амал ю Иза вирана тІехиъна вогІу, боьршачу вирбокъана тІехиъна вогІу! Цуьнан духар тІехь а, хаьн тІехь а язйина иштта цІе ю: «Паччахьийн а Паччахь, олахойн а Олахо».
Выбор основного перевода