Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма шеран ворхІалгІачу баттахь, шеца итт стаг а валош, паччахьан цІийнах схьаваьлла волу, Эли-ШамаІан кІентан Натан-ЯхІун кІант ИсмаьІал веара Гадал-ЯхІуна тІе. Цара Гадал-ЯхІуна чов йира, иза велира. Иштта Гадал-ЯхІуца цхьаьна МицІпа-гІалахь болу яхІудхой а, хашадхой а байира ИсмаьІала. Зуламна тІебовду церан когаш, бехк боцучун цІий Іано сихло уьш. Іеса ю церан ойланаш, дохор а, хІаллакьхилар а ду церан некъаш тІехь. Мехкан куьйгалхой ижу дІасаийзош йолчу берзалойх тера бу. Нехан цІий а Іенош, уьш байъа а бойъуш, шайна са лоьху цара.
Выбор основного перевода