Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІудхойн эскаран хьаькамашна а, иштта кху махкахь бисина болчу тІемалошна а, кхечу нахана а дІахезира, Бавелан паччахьо Ахьикхаман кІант Гадал-ЯхІу мехкан куьйгалхо хІоттийна аьлла. Бавеле дІа ца буьгуш бисина болчу мехкан уггар къечу божаршна а, зударшна а, берашна а тІехь цо Іуналла дан деза бохуш, хезира царна. Уьш берриш а Гадал-ЯхІу волчу МицІпа-гІала баьхкира. Царна юкъахь Натан-ЯхІун кІант ИсмаьІал а, Къаьрхьин кІентий Йохьан а, ЯхІуната а, Танхьуматан кІант Сари-ЯхІу а, НатІупатарчу Іейпин кІентий а, маІхахочун кІант Яъзан-ЯхІу а, иштта царна уллора берш а бара. Цу хенахь Къаьрхьин кІант Йохьан а, иштта аренгахь лелаш болу кхиболу тІемалойн хьаькамаш а Гадал-ЯхІу волчу МицІпа-гІала баьхкира. Цара элира Гадал-ЯхІуга: «Хьуна хууш дуй, Іамминхойн паччахь БаІалси хьо вен гІерташ вуйла? Цо Натан-ЯхІун кІант ИсмаьІал хьо вен ваийтина». Амма Ахьикхаман кІант Гадал-ЯхІу царах ца тийшира. ТІаккха Къаьрхьин кІанта Йохьана къайлаха цуьнга элира: «Суна пурба лохьа Натан-ЯхІун кІант ИсмаьІал вен. Цунах лаьцна цхьанна а хуур дац. Цуьнга хьо хІунда воьйтур ву оха? Цо иза дахь, хьуна гонах схьагулбелла болу массо а яхІудхой маьІ-маьІІехь дІасаборжуьйтур бара, ткъа ЯхІуд-махкахь бисинчу нахана бохам бийр бара». Амма Ахьикхаман кІанта Гадал-ЯхІус Къаьрхьин кІанте Йохьане элира: «Ма делахь иза, хІунда аьлча ахьа ИсмаьІалах аьлларг бакъ дац».
Выбор основного перевода