Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Берриш а хьан зударий а, бераш а, дІа а бигина, хашадхошна дІалур бу. Хьо а вер вац церан карара: хашадхойн паччахьо хьо схьалоцур ву, ткъа хІара гІала цІарца ягор ю». ЯхІудхойн эскаран хьаькамашна а, иштта кху махкахь бисина болчу тІемалошна а, кхечу нахана а дІахезира, Бавелан паччахьо Ахьикхаман кІант Гадал-ЯхІу мехкан куьйгалхо хІоттийна аьлла. Бавеле дІа ца буьгуш бисина болчу мехкан уггар къечу божаршна а, зударшна а, берашна а тІехь цо Іуналла дан деза бохуш, хезира царна. Массо а Муаби-махкахь а, Іаммин-махкахь а, Эдом-махкахь а, иштта кхечу мехкашкарчу яхІудхошна дІахезира Бавеларчу паччахьо цхьаболу нах ЯхІуд-махкахь битина аьлла, царна тІехь куьйгалла дан Шапанин кІентан Ахьикхаман кІант Гадал-ЯхІу а хІоттош. Шаьш бевдда дІабаханчу массо а меттигашкара яхІудхой Гадал-ЯхІу волчу МицІпа-гІала схьагулбелира. Шаьш юхадирзинчул тІаьхьа цара дуккха чагІар а, аьхкенан стоьмаш а гулдира. Цара элира Гадал-ЯхІуга: «Хьуна хууш дуй, Іамминхойн паччахь БаІалси хьо вен гІерташ вуйла? Цо Натан-ЯхІун кІант ИсмаьІал хьо вен ваийтина». Амма Ахьикхаман кІант Гадал-ЯхІу царах ца тийшира. ГІаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана Шапанин кІентан Ахьикхаман кІантехь Гадал-ЯхІугахь шайн дола дан дитина болу массо а божарий а, зударий а, бераш а, паччахьан зудабераш а, иштта Ярми-ЯхІу-пайхамар а, Нери-ЯхІун кІант Барух а шайца дІабигира.
Выбор основного перевода