Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Падан-Арамера араваьллачхьана дуьйна, кхин хьовзам боцуш КанаІан-махкарчу Шехем-гІала схьакхечира Якъуб. ГІалина хьалха арахь сецира иза. Гиччош долчуьра шайн месаш дІа а ма хедае, шайн мажойн йистош а ма ларга. «Шу – шайн Везачу Делан бераш ду. Шайн дегІа тІехь цхьа а чов ма елаш, шайн хьаьжнаш тІера чоьш дІа ма дашалаш, стаг велла дела, шайн сингаттам гайта гІерташ. Латта схьадаьккхинчул тІаьхьа дерриг а Исраилан халкъ Шилунехь схьагулделира. Везачу Элан деза четар дІахІоттийра цара цигахь. Іумарис Шамран лам ийцира Шамрера, ши гали дато ахча а делла. Оцу гу тІехь гІала йира Іумарис. Цунах Шамран-гІала элира цо, и лам долахь хиллачу Шамрин цІарах. ЯхІудхойн паччахьо Асас олалла до ткъе берхІитталгІа шо дара, Іумарин кІант Ахьаб исраилхойн паччахь хилла дІахІоьттича. Шамран-гІалахь Іаш а волуш, Іумарин кІанта Ахьаба ткъе шина шарахь исраилхошна тІехь олалла дира. Цо Везачу Элан цІа а, паччахьан цІа а, Ярушалаймера массо а цІа а цІе тесна дагийра. Иштта, Ярушалаймехь долу дерриг а коьрта цІенош дагийра. Нах шайн делан цІа а, Дибон-гІала а йолчу богІу, уьш сагІа доккхучу гунашна тІе хьалабовлу, цигахь белхархьама. Муабин халкъо тийжам бо Набу а, Мейдеба а гІаланех. Церан массеран а кортош дІалергина ду, массеран а мажош дІаяьшна ю. Махкахь цІе яхана болу нах а, къен нах а хІокху лаьтта тІехь лийр бу. Цхьаммо а уьш дІа а бухкур бац, цхьа а стаг царна воьлхур а вац. Белларш дагахь латто, цхьаммо а шен дилха хедор дац, ткъа цхьаммо а коьртара месаш лоргур яц церан дуьхьа.
Выбор основного перевода