Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Абушалама шен ялхошна тІедиллира: «Амнан ларвеш хилалаш. ЧагІар меллачул тІаьхьа цуьнан дог сакъералуш хир ду. Аса шайга „ТІетоха цунна“, – аьллачул тІаьхьа, Амнан, вей, дІаваккхалаш. Шу кхера ма кхера. И хІума аса тІедиллина шуна. Майра а, доьналла долуш а хила». Абушалама шайна тІедиллинарг кхочушдира ялхоша. Амнан цара вийра, ткъа кхиболу паччахьан кІентий, хьала а гІевттина, шайн бІарзанаш тІе а хевшина, дІабевдира. Амма шеран ворхІалгІачу баттахь, шеца итт стаг а валош, паччахьан цІийнах схьаваьлла волу, Эли-ШамаІан кІентан Натан-ЯхІун кІант ИсмаьІал веара Гадал-ЯхІуна тІе. Цара Гадал-ЯхІуна чов йира, иза велира. Иштта Гадал-ЯхІуца цхьаьна МицІпа-гІалахь болу яхІудхой а, хашадхой а байира ИсмаьІала. Ярми-ЯхІу новкъа валале, Набузар-Адана кхин а элира: «Я хьайна лаахь, Шапанин кІентан Ахьикхаман кІант Гадал-ЯхІу волчу гІо, Бавелан паччахьо массо а ЯхІуд-махкарчу гІаланашна тІехь хьаькам хІоттийна волчу. Хьайн халкъана юкъахь цуьнца саца мегар ду хьуна. Я хьайна луъучу метте дІагІо». Ярми-ЯхІуна яа хІума а, совгІаташ а дІа а делла, Набузар-Адана иза аравалийтира.
Выбор основного перевода