16
ТІаккха Йохьана а, цуьнца болчу тІеман хьаькамаша а МицІпа-гІалара дийна мел бисинарш дІабигира. Цара уьш ИсмаьІалан куьйгах кІелхьарбехира, шаьш Гадал-ЯхІу вийначул тІаьхьа. Цара дІабигира ГавІон-гІалара шайца схьа мел баьхкина болу нах: божарий а, тІемалой а, зударий а, бераш а, паччахьан кертара нах а.
Цо Къаьрхьин кІант Йохьан а, цуьнца болу тІеман хьаькамаш а, иштта кІезиг болчу нахана тІера дуьйна, цІеяхана болчарна тІекхаччалц долу дерриг а халкъ а ша волчу дІакхайкхира.
Иштта Къаьрхьин кІанта Йохьана а, тІеман хьаькамаша а, дерриг а халкъо а, ЯхІуд-махкахь саца аьлла, Везачу Эло шайга аьллачуьнга ла ца дуьйгІира.
Къаьрхьин кІанта Йохьана а, тІеман массо а хьаькамаша а, шаьш дІасалаьхкина долчу массо а къаьмнашкара ЯхІуд-махкахь дахархьама юхадирзина долу дерриг а дийна дисина долу адам схьа а гулдина, Мисар-махка дІадигира.
ГІаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана Шапанин кІентан Ахьикхаман кІантехь Гадал-ЯхІугахь шайн дола дан дитина болу массо а божарий а, зударий а, бераш а, паччахьан зудабераш а, иштта Ярми-ЯхІу-пайхамар а, Нери-ЯхІун кІант Барух а шайца дІабигира.
Цу наха Везачу Элера болчу хааме ла ца дуьйгІира, уьш Мисар-махкахь йолчу Тахьпанхьас-гІала дІабахара.