Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ярми-ЯхІу новкъа валале, Набузар-Адана кхин а элира: «Я хьайна лаахь, Шапанин кІентан Ахьикхаман кІант Гадал-ЯхІу волчу гІо, Бавелан паччахьо массо а ЯхІуд-махкарчу гІаланашна тІехь хьаькам хІоттийна волчу. Хьайн халкъана юкъахь цуьнца саца мегар ду хьуна. Я хьайна луъучу метте дІагІо». Ярми-ЯхІуна яа хІума а, совгІаташ а дІа а делла, Набузар-Адана иза аравалийтира. Ма кхера шаьш кхоьруш волчу Бавелан паччахьах. Шу цунах ма кхера, – боху Везачу Эло, – хІунда аьлча Со шуьца ву, Ас шу кІелхьардохур а ду. шу кхоьруш долу тур цигахь шуна тІаьхьакхуьур ду, шу къаьхкаш йолу мацалла цигахь, Мисар-махкахь, шуна тІекхочур ю, ткъа цигахь шу лийр а ду. «Ас боху шуьга, Сан доттагІий, стаг вен ницкъ болчух ма кхера, дегІ хІаллакдарал сов цуьнга кхин хІумма а далур дац. Ас эр ду шуьга хьанах кхера веза: шу кхера деза стеган са схьа а эцна, иза жоьжахатин цІерга кхосса ницкъ Болчух. Билггала боху шуьга, Цунах кхера!
Выбор основного перевода