Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан лай волчунна ша винчу гІалахь, шен ден-ненан къуббан уллохь вала луур дара, цундела юхаверза пурба доьху аса. Сан кІант волу хьан лай КІамхІам вогІур ву сан элаца цо боххучу дІа. Хьайна луъург де ахьа цуьнца». ТІаккха паччахьо элира: «КІамхІам соьца схьаваийта. Аса цуьнан дуьхьа хьуна луъург дийр ду. Хьан дуьхьа а дийр ду аса хьан даго боххург». Иза бахьанехь дерриг а халкъ – кІезиг болчу нахана тІера дуьйна, цІеяхана болчарна тІекхаччалц – тІеман хьаькамашца цхьана Мисар-махка дІадедира, шаьш хашадхойх кхерарна. Тхо Мисар-махка дІа а гІур ду, цигахь Іийр а ду, цу меттехь тхох тІом а хьакхалур бац, тІаме кхойкхуш долу коьман маІан аз тхуна хезар а дац, цигахь тхуна мацалла а гур яц“.
Выбор основного перевода