Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма шеран ворхІалгІачу баттахь, шеца итт стаг а валош, паччахьан цІийнах схьаваьлла волу, Эли-ШамаІан кІентан Натан-ЯхІун кІант ИсмаьІал веара Гадал-ЯхІуна тІе. Цара Гадал-ЯхІуна чов йира, иза велира. Иштта Гадал-ЯхІуца цхьаьна МицІпа-гІалахь болу яхІудхой а, хашадхой а байира ИсмаьІала. Ур-атталла сан уггар дикачу доттагІчо, ас тешаме лоручу а, соьца бепиг дууш волчу а, мекарлонца суна дуьхьал куьг айина. Ярми-ЯхІу МицІпа-гІалахь сецначу Ахьикхаман кІант Гадал-ЯхІу волчу вахара. Шайн махкахь дисинчу шен халкъана юкъахь сецира иза. Уьш берриш а Гадал-ЯхІу волчу МицІпа-гІала баьхкира. Царна юкъахь Натан-ЯхІун кІант ИсмаьІал а, Къаьрхьин кІентий Йохьан а, ЯхІуната а, Танхьуматан кІант Сари-ЯхІу а, НатІупатарчу Іейпин кІентий а, маІхахочун кІант Яъзан-ЯхІу а, иштта царна уллора берш а бара. Цара элира Гадал-ЯхІуга: «Хьуна хууш дуй, Іамминхойн паччахь БаІалси хьо вен гІерташ вуйла? Цо Натан-ЯхІун кІант ИсмаьІал хьо вен ваийтина». Амма Ахьикхаман кІант Гадал-ЯхІу царах ца тийшира.
Выбор основного перевода