Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ИсмаьІала дерриг а МицІпа-гІалахь дисина долу халкъ дІалецира. Царна юкъахь паччахьан йоІарий а, иштта МицІпа-гІалахь дисина кхин халкъ а дара. Уьш гІаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана Ахьикхаман кІантана Гадал-ЯхІуна, дола де аьлла, дІабелла бара. Йохьанан кІант ИсмаьІал, уьш дІа а лаьцна, Іамминхой болчу ваха новкъа велира. ИсмаьІала МицІпа-гІалахь йийсаре дигна долу дерриг а халкъ, юха а дирзина, Къаьрхьин кІант Йохьан волчу дІадахара.
Выбор основного перевода