Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
КІентий баккхий хилира. Говза таллархо волчу Іесаван аренашкахь хан йоккхуш самукъадолура. Якъуб тийна, таьІна стаг вара, дукхаха йолу хан шен четара кІелахь йоккхура цо. Шайн дай-наний а лара, шайн Везачу Дала шуна лур долчу лаьтта тІехь дехха дахар шун хилийтархьама. «Шайн да а, нана а лара» – чІагІо тІетоьхна йолчу весетех хьалхарниг ду иза: «хьайна дика хилийтархьама а, хьо лаьтта тІехь дукха вахийтархьама а». Шен тешар хиларна, шена лур ду аьллачу лаьтта тІехь Іийна иза, тІевеана стаг хийрачу махкахь санна. Четарш чохь Іийна иза, цуьнца цхьатерра ваІданех тешна волу Исхьакх а, Якъуб а ма-Іарра.
Выбор основного перевода