Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса шуьга дуьйцура, амма аша соьга ла ца дуьйгІира. Ас сайн куьг шуьга дІакховдийра, амма соьга ладугІуш стаг вацара. Ас туьра кІел дохуьйтур ду. Шу массо а дойур ду, хІунда аьлча Ас кхайкхича, аша жоп ца делира, Ас къамел дича, аша ла ца дуьйгІира. Суна зуламе хеташ дерг а деш, Суна цадезарг хоржуш а дара шу». Со а хир ву цаьрца шога. Уьш кхоьруш дерг доуьйтур ду Ас царна тІе, хІунда аьлча Со кхайкхира, амма жоп луш стаг вацара, Ас къамел дира, амма цхьаммо а ла ца дуьйгІира. Цара Суна хьалха зуламениг дора, Суна цадезарг а хоржура». И дерриг а вонаш деш шу лелаш долчу хенахь, – боху Везачу Эло, – Аса дукхазза а бехира шуьга, амма аша ла ца дуьйгІира. Со шуьга кхойкхура, амма аша Суна жоп ца лора. Цаьрга дІаала: „ЛадогІа Везачу Эло бохучуьнга, яхІудхойн паччахьаш а, Ярушалайман бахархой а! Шуьга массо а ницкъийн Веза Эла волчу Исраилан Дала боху: хІокху лаьтта тІе Аса боккха бохам кхочуьйтур бу. И хІума хезна волчу муьлххачу а стеган лере зов догІур ду. «Иштта боху массо а ницкъийн Веза Эла волчу Исраилан Дала: „Хьовсал, хІокху гІалина а, цунна гонах йолчу ярташна а Аса хьалха аьлла болу массо а бохамаш бийр бу, хІунда аьлча уьш бухахьа а бевлира, Сан дешнашка царна ладогІа а ца лиира“». Цундела шу бахьана долуш Цийон-лам, аре санна, охур бу, ткъа Ярушалаймах тІулгийн оьла хир ю, Делан цІа тІехь лаьттинчу лам тІе хьун ер ю.
Выбор основного перевода