Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ша дІакхалхале, Делан стаг волчу Мусас, исраилхой декъалбеш, аьлла дешнаш хІорш ду. ШамІа-ЯхІу цІе йолчу Делан стаге Дала элира: Динан дас ЯхІу-ЯдаІа, цхьа гІутакх схьа а эцна, цунна тІехула агІор херо а даьккхина, иза сагІа доккхучу кхерчана аьтту агІорхьа Делан цІийнан керта чу воьддучу дІахІоттийра. Кертан неІарехь ха деш лаьттачу динан дайша Везачу Элана наха дахьаш долу ахча, схьа а оьций, оцу гІутакх чу тосура. Паччахьан гІаролхойн хьаькамо коьрта динан да волу Сари-ЯхІу а, шолгІа динан да волу Цапни-ЯхІу а, Везачу Элан цІа чу воьдийла ларъеш волу кхо гІаролхо а йийсаре дІавигира. Кху ханналц а уьш малхбалехьа долчу Паччахьан кевнехь гІаролхой бу. Уьш левихойн меттаметтанийн кевнашкахь гІаролхой а бара. Шалума (иза вара Кхурин кІант, Кхура вара Аби-Асин кІант, Аби-Аса вара Кхорахьан кІант) а, кхорахьахойх болчу цуьнан гергарчу наха а Делан цІийнан неІсагІина уллохь гІарол дора, церан дайша Везачу Элан меттаматтана чуволлучохь гІарол деш ма-хиллара. Цул тІаьхьа Іезар, Делан цІенна уллора юьстах а ваьлла, Элишубан кІентан ЯхІу-Хьанин цІа чу вахара. Цу чохь яа хІума а ца юуш, мала а ца молуш буьйса яьккхира цо, хІунда аьлча, йийсарера юхабирзинчара Далла тешаме доцург лелийна хилар бахьана долуш, чІогІа гІайгІане вара иза. Ярми-ЯхІуга Везачу Элера хаам кхечира. Иза дара яхІудхойн паччахь волчу ЦІадукъ-ЯхІус и волчу Малки-ЯхІун кІант Пашихьур а, иштта МаІсей-ЯхІун кІант динан да волу Цапни-ЯхІу а хІара хабар эцна вахийтинчу хенахь:
Выбор основного перевода