Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Гуламан четарна чудоьлхуш чагІар а, вахош долу маларш а ма мала ахьа а, хьан кІенташа а, шаьш хІаллак ца дайта. Шун тІаьхьенна гуттаренна а тІедуьллуш ду иза, Цигара дІавахча, шена дуьхьал вогІу Рахбин кІант ЯхІу-Надаб гира ЯхІуна. Маршалла а хаьттина, ЯхІус элира цуьнга: «Хьан дог а дуй те соьгахьа дирзина, сан дог хьоьгахьа дирзина ма-хиллара?» ЯхІу-Надаба элира: «Ду». «Иза иштта делахь, хьайн куьг схьакховдаде». Вукхо шен куьг дІакховдийра. ЯхІус иза шен гІудалкх тІе хьалаваьккхира. Шеца Рахбин кІант ЯхІу-Надаб а вуьгуш, БаІалан цІенна чувелира ЯхІу. «Талла а таллий, дика хьажа, цхьа а Везачу Элана гІуллакх дечарах вуй те хІокху чохь, хІунда аьлча кху чохь БаІална Іамал еш берш бен хила ца беза». иштта ЯІабац-гІалахь бехаш болу тептарш яздеш болчийн тукхамаш: тирІатхой, шимІатхой, сухахой. И тептарш яздинарш хилла Хьаматан тІаьхьенах болу кхенахой. Хьамат вара рахбихойн тукхаман да. ХІунда аьлча иза Везачу Элан бІаьргашна хьалха чІогІа сийлахь стаг хир ву, цо цкъа а чагІар а, кхин йолу вахош йолу хІуманаш а мер яц. Ненан кийрахь волуш дуьйна Делан Синах вуьзна хир ву иза.
Выбор основного перевода