Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Шен массо а пайхамаршкахула а, хиндерг гуш волчуьнгахула а, Исраилан халкъе а, ЯхІудан халкъе а дІахьедар а деш, аьллера: «Шаьш лелачу зуламечу некъаш тІера юхадовла, Аса шун дайшна тІедиллина долу а, Сайн ялхой болчу пайхамаршкахула шуна дІабеллачу товрат-хьехамна тІехь долу а Сан весеташ а, парзаш а ларде». Хих довла, цІанло, шайн зуламе гІуллакхаш Сан бІаьргашна хьалхара дІадаха, вониг ма де. Диканиг дан Іама, нийсо лелор лаха, гІело яр сацаде, вон гІуллакх нийсонца къастаде, йисина Іачу зудчун бакъонаш ларъе. Иштта боху Везачу Эло: «ТІедерза хьайна лаахь, Суна тІедерза, ва Исраилан халкъ. Массо а дегаза цІу Суна хьалхара дІаваккхал, кхидІа ца тилаяйттал, Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло, Исраилан Дала: хийца шайн дахар а, шайн гІуллакхаш а. Шайга бохург аша дахь, Аса кхузахь даха дуьтур ду шу. тІебаьхкина болчу нахана гІело а ца еш, байшна а, бисина Іаш болчу зударшна а гІело а ца еш, бехк боцучеран цІий а ца Іанош, шайна бала бахьар болчу харцделанашна тІаьхьа а ца хІуьттуш шу лелахь, ХІара вон халкъ Сан дешнашка ладогІарх дІакъаьхкина. Уьш, шайн аьрхачу дегнаша бохург а деш, кхечу деланашна тІаьхьахІутту, царна Іамал а еш, суждане а оьхуш. Цундела и къам хІокху доьхкарх терра хир ду – уьш цхьанна а хІуманна пайденна боцуш бина дІахІиттор бу. Цундела дІаала ЯхІудан халкъе а, Ярушалайман бахархошка а: „Везачу Эло боху, Ша шуна дуьхьал вониг дан а, шуна бохам бан а кечлуш ву. Цундела шаьш мел лелош долу вон хІуманаш а дитий, шаьш лела некъаш нисде“. Шайга аьлларг деш шу хилахь, Дауд-паччахьан тІаьхьенах болу паччахьаш хІокху паччахьан цІенойн кевнехула чуоьхур бу. Уьш шайн тхьамданашца цхьаьна, гІудалкхашна а, говрашна а тІе а хийшина, кхузахула чубогІур бу. ‘ХІора ворхІалгІа шо дІа мосазза долу, шуна ша воьхкина волу шайн къомах волу Іебархо дІахеца веза аша. Цуьнга шайна ялх шарахь болх байта, тІаккха иза мукъаваккха’. Амма цара Соьга ла ца дуьйгІира, цара Со тидаме а ца ийцира. «Массо адамаша вон тІедеача юхуш йолу бедарш тІеюха. Даьхнина тІе хІуманаш таса. Массара а шийлачу маьхьаршца Деле а кхайкха. ХІораммо Далла тІеверзархьама, шен зуламе некъ а бита, шайн куьйгашца кхечарна гІело а ма е», – аьлла.
Выбор основного перевода