Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІу-Якхама паччахьалла дечу хенахь, Бавел-мехкан паччахь волу Набухди-Нецар ЯхІуд-махкана тІегІоьртира. Кхаа шарахь Іийра ЯхІу-Якхам-паччахь Набухди-Нецаран олаллина кІел. ТІаккха ЯхІу-Якхам-паччахь Набухди-Нецарна дуьхьалвелира. Везачу Элан дош Ярми-ЯхІуга иштта кхочура яхІудхойн паччахь Юши-ЯхІун кІант ЯхІу-Якхам паччахь волчу хенахь дуьйна, Юши-ЯхІун кІанта ЦІадукъ-ЯхІус паччахьалла дечу цхьайтталгІачу шеран пхоьалгІачу батта тІекхаччалц. Оцу хенахь Ярушалайман халкъ йийсаре дІадигира. ЯхІудхойн паччахь волу Юши-ЯхІун кІант ЯхІу-Якхам паччахьаллехь волчу доьалгІачу шарахь Везачу Элера ЯхІудан дерриге а халкъах лаьцна болу хаам кхечира Ярми-ЯхІуга. (Иза Набухди-Нецар Бавел-махкахь паччахь дІахІоьттина хьалхара шо дара.) (Уьш Набухди-Нецара ша яхІудхойн паччахьан ЯхІу-Якхаман кІант Яхун-ЯхІу а, ЯхІуд-махкара а, Ярушалаймера а цІеяхана болу массо а нах Бавеле дІабуьгучу хенахь цига дІа ца яьхьнера.)
Выбор основного перевода