Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара боху: «Мила Іамо гІерташ ву иза? Хьанна хьекъал луш ву иза шен хьехамца? Дакхочуьра дІадаьхначу кегийчу берашний? ХІунда аьлча „весета тІе весет ду, весета тІе весет ду, бакъонна тІе бакъо ю, бакъонна тІе бакъо ю, кхузахь а жимма, цигахь а жимма“». Делахь а, бур-бур деш долчийн балдашкахула а, хийра мотт буьйцучаьргахула а Дала цу халкъе къамел дийр ду. Цаьрга бехира Цо: «ХІара садаІа меттиг ю, синтеме меттиг ю хІара кІадбеллачарна садаІа!» Амма царна ладогІа ца лиира. Ас элира: «Ва Веза Эла! Тешаме хиларе Хьо ма хьоьжу! Ахьа царна туьйхира, амма уьш ца лазийра. Ахьа царна таІзар дира, амма цара шаьш нис ца байтира. Цара шайн яххьаш тІулгал а чІогІа чІагІйина, Хьуна тІедерза царна ма ца лаьара. Шайн юьхьан метта цара Суна букъ берзийна. Со уьш юх-юха а Іамо гІертахь а, цара Соьга ла а ца дугІура, шаьш Соьга нийсачу новкъа а ца буьгуьйтура.
Выбор основного перевода