Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІу-Якхама паччахьалла дечу хенахь, Бавел-мехкан паччахь волу Набухди-Нецар ЯхІуд-махкана тІегІоьртира. Кхаа шарахь Іийра ЯхІу-Якхам-паччахь Набухди-Нецаран олаллина кІел. ТІаккха ЯхІу-Якхам-паччахь Набухди-Нецарна дуьхьалвелира. Везачу Эло ЯхІу-Якхам-паччахьна дуьхьалбехира хашадхойн а, арамхойн а, муабахойн а, Іамминхойн а тІемалой, цаьрга ЯхІуд-мохк хІаллакбайтархьама, Шен ялхой болчу пайхамаршкахула Ша ма-аллара. ЯхІуд-махкахь массарна а дІахаийта, Ярушалаймехь массо а стаге дІакхайкхаде: «Коьман маІа а лоькхуш, орца даккха! Мохь а хьоькхуш, массанхьа а дІаала: „Дерриш а цхьана метте схьагулло, чІагІйина йолчу гІаланашка дІагІур ду вай“. Байракхца хаам бе, Цийоне дІагІо алий! Хье ца луш, кхерам боцучу дІадовда, хІунда аьлча Аса къилбаседехьара доуьйту шу долчу хІаллакьхилар а, боккха бохам а. Лом шен боьлак чуьра арадаьлла, халкъ хІаллакдийриг шен некъ бан волавелла. Цо шен хІусам йитина, шун латта дассорхьама. Шун гІаланаш хІаллакйийр ю, царна чохь адамаш а хир дац. «Вай кхузахь хІунда Іа? ХьалагІовтта, чІагІйина йолчу гІаланашка дІадахийта вай, цигахь лийр ду вай! Вайн Везачу Дала Іожаллин кхел хадийна вайна. Цо дІаьвше хи муьйлуьйту вайга, Цунна дуьхьал вай къинош летийна хилар бахьана долуш.
Выбор основного перевода