Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен халкъах а, Шен хІусамах а Шена къахета Дела, церан дайн Дела волчу Везачу Эло юх-юха Шен геланчаш бохуьйтура царна тІе. ХІунда аьлча и халкъ аьрха ду, иза аьшпаш буьттуш а, Везачу Элан хьехаме ладогІа ца лууш а ду. Со схьавеанчу хенахь, цхьа а хІунда вацара? Ас кхайкхича, дуьхьал жоп хІунда ца делира? Сан куьг дацделла ткъа шуна гІо дан, я Сан ницкъ дІабаьлла ткъа шу кІелхьардаха? Ас Сайн омрица хІорд бакъабо, хих яьсса аре йо, тІаккха царна чуьра чІерий, хи а ца тоьий, дахкало, хьогаллина ле. И дерриг а вонаш деш шу лелаш долчу хенахь, – боху Везачу Эло, – Аса дукхазза а бехира шуьга, амма аша ла ца дуьйгІира. Со шуьга кхойкхура, амма аша Суна жоп ца лора. «ЯхІудхойн паччахьо Аминан кІант Юши-ЯхІус паччахьалла до кхойтталгІачу шарахь дуьйна таханлера де тІекхаччалц – ткъе кхаа шарахь – соьга Везачу Элера хаамаш кхочура. Аса шуьга юх-юха а и хаамаш дІакхайкхабора, амма аша ла ца дугІура Соьга.
Выбор основного перевода