Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦІенна тІехиттина гІишлош йира. Чухулара езачу чоьнна гонах а йолуш, агІонаш тІехь гобаьккхина яра оцу гІишлойн чоьнаш. ГІишлойн тІехиттина чоьнаш лакхалла тІекІелйина яра, кхо гІат а долуш. Цигара дІавахча, шена дуьхьал вогІу Рахбин кІант ЯхІу-Надаб гира ЯхІуна. Маршалла а хаьттина, ЯхІус элира цуьнга: «Хьан дог а дуй те соьгахьа дирзина, сан дог хьоьгахьа дирзина ма-хиллара?» ЯхІу-Надаба элира: «Ду». «Иза иштта делахь, хьайн куьг схьакховдаде». Вукхо шен куьг дІакховдийра. ЯхІус иза шен гІудалкх тІе хьалаваьккхира. иштта ЯІабац-гІалахь бехаш болу тептарш яздеш болчийн тукхамаш: тирІатхой, шимІатхой, сухахой. И тептарш яздинарш хилла Хьаматан тІаьхьенах болу кхенахой. Хьамат вара рахбихойн тукхаман да.
Выбор основного перевода