Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш цІа чуьра аралаьхкича, Іийсас, йоІ йолчу чу а вахана, цуьнан куьг схьалецира. ЙоІ Іуьллучуьра хьалагІаьттира. Ткъа адамаш Цунах дуьйлуш дара цадашарца. Іийсас массо а араваьккхира. Шеца йоьІан да-нана а, цигахь волу кхо мурд а эцна, йоІ йолчу чоьхьавелира Иза. Іийсас, йоьІан куьг схьа а лаьцна, элира: «ТалитІа кхуми!» (иза «ЙоІ, хьалагІатта боху хьоьга!» – бохург ду). И ма-элли, йоІ, хьала а гІаьттина, дІайолаелира (иза шийтта шо кхаьчна йоІ яра). Чохь берш чІогІа цецбевлла биснера. Цул тІаьхьа, гора а воьжна, чІогІа элира цо: «Веза Эла, къилахь ма ларалахь кхарна хІара гІуллакх!» Иза а аьлла, Тапа кхелхира.
Выбор основного перевода