Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаула къобалдора Тапин вер. Цу дийнахь Ярушалаймехь Іийсах тешаш болчийн тобане бала хІоттийра. ЯхІуд-махкахула а, Шамран-махкахула а дІасалаьхкира массо а, цхьа векалш боцурш. Ткъа Шаул Іийсах тешаш болу нах хІаллакбан волавелира. Цхьана цІа чуьра вукху чу а воьдуш, божарий а, зударий а дІа а лоьцуш, набахти чу бухкуьйтура цо. Хьалха санна оьгІазаллех кхехкаш вара Шаул, Іийсан мурдаш хІаллакьхиларе сатуьйсуш. Иза динан коьрта да волчу веара. Иза динан коьртачу дегара кехат а дахьаш веана, Хьоьга мел кхойкхург чуволла бакъо луш долу». И дерриг а дора ас Ярушалаймехь: Іийсах тешна беза нах набахти чу кхуьйсура, динан дайшкара бакъо а яьккхина, и нах байар къобал а дора. Шуна хезна-кх сох лаьцна, хьалха бакъволу жуьгти хилла леллачу хенахь со муха вара. Шуна хаьа, мел къиза тІаьхьаваьллера со Іийсах тешначийн Делан долахь йолчу тобанашна, уьш хІаллак а еш. Царна хезнера, наха олуш: «Хьалха вай хІаллакдан тІаьхьаваьлла волу стаг ша бухенца дІадаккха гІиртина долу дин хІинца кхайкхош лелаш ву», – аьлла.
Выбор основного перевода