Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара шена тІулгаш деттачу хенахь, Тапас доІа дира: «Іийса-Эла, дІаэцахьа сан са!» Оха дечу кху гІуллакхехь ахьа дакъалаца йиш яц, хІунда аьлча хьан дог Далла хьалха цІена дац. ХІара кехат оха яздо Коринт-гІаларчу Делан динан тобане. Дала леррина къобалвинчу Іийсаца уьйр хиларна, Дала даздинарш ду шу. Иштта, Делан долахь хила къастийнарш а ду шу, ткъа шуьца цхьаьна массанхьа а тхан Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсага кхойкхурш а иштта тІекхайкхина бу. Тхан Веза Эла хилла а ца Іаш, Іийса церан а Веза Эла ву. Къоначийн сийсазчу лаамех вадалахь. ЦІеначу даггара Везачу Эле кхойкхучаьрца лаха нийсо а, тешар а, безам а, синан паргІато а.
Выбор основного перевода