Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма царах цхьаберш, дар а белла, Іийсах ца тешна юхабевлира, нахана хьалха Везачу Элан некъах лаьцна харцдерг а дуьйцуш. ПахІал уьш болчуьра дІавахара, шеца Іийсан мурдаш а эцна. Цо хІора дийнахь къуьйсура Тиранан долахь долчу, нах гуллучу цІийнехь. Амма цхьана хІуманна тІехь къера ву со: сайн дайн Далла гІуллакх деш вогІу со кхарна тоба бен ца хетачу новкъахула. Товратан хьехамех а, пайхамарша яздинчух а – дерригенах а теша со. Тхуна Цуьнан КІантера хезна болу а, оха шуна дІакхайкхош болу а кхаъ хІара бу: Дела – серло ю, Цуьнца цхьа а тайпа бода бац. Уггар а тІаьхьа, хеназа дуьнен чу даьлла бер санна волчу суна хьалха а веана, дІахІоьттира Иза. ХІунда аьлча: «Боданера серло схьакхетал!» – аьлла волчу Дала тхан дегнаш серладаьхна, Ша леррина къобалвинчу Іийсан юьхь тІехь лепаш йолчу Делан сийлаллех болчу кхетаман серло вайн хилийтархьама.
Выбор основного перевода