Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ХІун де вай оцу нахана? – бохура цара. – Ярушалайман бахархошна гина цара дина тамашийна хІума. Вайга иза дайалур дац. Шаул лаьтта охьавоьжча, цунна аз хезира. Цо кхуьнга бохура: «Маржа Шаул яІ! Соьга бала хІунда хьоьгуьйту ахь?» Шаул жуьгтийн гуламан цІеношкахь хьехам бан волавелира, Іийса Делан КІант ву бохуш. Шаул нахана хьехам барехь тІаьхь-тІаьхьа чІагІлуш вара. Дамасакхехь болчу жуьгташка цунна дуьхьало ца ялора, цо Іийса Дала леррина Къобалвинарг ву аьлла тешийча. Цунах лаьцна хаам Ярушалаймехь болчу Іийсах тешачу нахе кхечира. Цигара Антиохе Бар-Нааб вахийтира. ДІа а кхаьчна, билггала хилла болу Делан къинхетам шена гича, хазахеттачу Бар-Нааба, Іийсах тешна нах иркарахІиттош, къамел дира, Везачу Элах тешар шайн дегнашкахь латтаде бохуш. Делах тешарх а, Делан Синах а вуьзна волу Бар-Нааб дика стаг вара. Иза бахьана долуш дукха адам Везачу Элана тІедирзира. Цул тІаьхьа Бар-Нааб Тарсе вахара, цигахь Шаул лахархьама. Схьа а лехна, иза Антиохе схьавалийра цо. Дийнна шарахь Іийра Бар-Нааб а, Шаул а Антиохехь Іийсах тешачийн тоба йолчохь. Цара дуккха а нахана хьийхира. Антиохехь дуьххьара элира мурдех «Дала леррина Къобалвинчун берш». Антиохехь йолчу Іийсах тешачийн тобанехь бара пайхамарш а, Іелам нах а: Бар-Нааб а, шех кхин а Іаьржаниг олу ШамІа а, къуринахо Луку а, мехкан куьйгалхочуьнца ХІародца кхиъна волу Манаан а, Шаул а. Лаьтта воьжча, суна сайга луьйш долу аз хезира: „Маржа Шаул яІ! Соьга бала хІунда хьоьгуьйту ахь?“ Тхо массо а лаьтта охьаийгира. Юха сайга лерина долу аз хезира суна, арамхойн маттахь къамел деш: „Маржа Шаул яІ! Соьга бала хІунда хьоьгуьйту ахь? Туьран дитт а хилла дуьхьалваьлла, хьайна зе хІунда до ахь?“ Со паргІат вац ткъа? Со векал а вац ткъа? Суна гина вацара вайн Веза Эла волу Іийса? Шу дац ткъа Везачу Эло соьгахула къахьегарца Цунна тІе далийнарш? Уггар а тІаьхьа, хеназа дуьнен чу даьлла бер санна волчу суна хьалха а веана, дІахІоьттира Иза.
Выбор основного перевода