Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьа хІума хаьа суна, хІора гІалахь а Делан Сино олу соьга сан халонаш а, набахти а лан дезарх лаьцна. Тхо долчу а веана, ПахІалан доьхка схьа а эцна, шен когаш а, куьйгаш а дихкина, элира цо: «Делан Сино боху: „ХІара доьхка долу стаг, иштта дІа а вихкина, кхечу къаьмнийн нахе дІалур ву Ярушалаймера жуьгташа“». Цигахь билгалделира кхуьнан бехк бу аьлла лоруш дерг церан шайн товратан хьехамашца доьзна хилар. Амма хІара вен я дІалаца бахьана долуш хІума дацара. Уьш Дала леррина Къобалвинчунна гІуллакх дийраш буй? Аса хьераваьллачо санна дуьйцу, амма со царал а сов Дала леррина Къобалвинчунна гІуллакх дийриг ву. Цара чул а дукха къахьоьгура аса. Царал а дукха набахти чохь воллура. Царна чул а дукха шодмаш еттара суна. Уьш хуьлучул а дукхазза а Іожаллин кхерамехь хуьлура со. ЯхІудхоша пхоьазза шед йиттина суна, хІоразза а ткъе ткъайоьсназза а тухуш. Кхузза гІожмаш йиттина суна. Цкъа тІе тІулгаш кхиссина суна. Со тІехь а волуш, хІордкема кхузза дуьйхира, аса цхьа дей-буьйсий хІорда чохь а даьккхира. Мосуьйттазза араваьлла леларг хилла а лелла со. ТІедевллачу хишкахьара кхерамаш а хилла суна. Талорхошкахьара кхерамаш а хилла суна. Сайн тайпанах болчу нахехьара а кхерамаш хилла. Кхечу къаьмнашкарчу нахехьара кхерамаш беана. ГІалахь а, яьссачу аренгахь а, хІорда тІехь а кхерам болуш лелла со. Динан харцвежаршкахьара кхерамаш лайна аса. Иштта къахьоьгуш а, болх беш а хилла со. Дукхазза а наб йоцуш а, меца волуш а, хьогах волуш а, кхача боцуш а, шело ловш а, тІеюха бедар йоцуш а хан яьккхина аса. Кхузахь хьахийна хІуманаш доцург, ерриге а динан тобанийн баланийн Іаткъам кхочу суна.
Выбор основного перевода