Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу деношкахь, мурдаш сов болучу хенахь, царах грекахойн мотт буьйцу жуьгтий Іебархойн мотт буьйцучу жуьгташна аьрзнаш дан буьйлабелира. Цара бохура денна йоькъучу хІуманан дакъа шайн бисина Іачу зударшна ца кхочуьйту. Амма цхьацца болу кипрхой а, къуринхой а Антиохе а баьхкина, Іийса-Элах лаьцна хаза кхаъ грекашна а бийца буьйлабелира. Мосуьйттазза араваьлла леларг хилла а лелла со. ТІедевллачу хишкахьара кхерамаш а хилла суна. Талорхошкахьара кхерамаш а хилла суна. Сайн тайпанах болчу нахехьара а кхерамаш хилла. Кхечу къаьмнашкарчу нахехьара кхерамаш беана. ГІалахь а, яьссачу аренгахь а, хІорда тІехь а кхерам болуш лелла со. Динан харцвежаршкахьара кхерамаш лайна аса.
Выбор основного перевода