Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Суна лаьа шуна хаийта Адамийн КІентан дуьнен тІехь къиношна гечдан олалла дуйла». Цомгуш волчуьнга Іийсас элира: «ХьалагІатта, хьайн мотт-гІайба схьа а эций, цІа гІуо». ТІаккха Кипас элира: «Дети а, деши а дац соьгахь, амма сайн дерг ло ас хьуна. Дала леррина Къобалвинчу, Назартарчу Іийсан дуьхьа, хьала а гІаттий, дІаволало!» Іийсах тешар бахьана долуш, Цуьнан цІаро тешарехь чІагІвина и шуна гуш а, вевзаш а волу стаг. Билггала, Іийсас кхунна деллачу тешаро товина хІара стаг, шуна ма-гарра. дІахаалаш шуна а, дерриг Исраилан халкъана а: аша, жІарах дІа а тоьхна, вейтинчу, Дала веллачуьра денвинчу, Назартарчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дуьхьа товина волу хІара стаг шуна хьалха лаьтташ ву!
Выбор основного перевода