Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахьа шега аьлларг цо дІаэр ду. Къамел дечу хенахь Со шуьца хир ву, Ас Іамор ду шуна аша дан дезарг. Хьайн Везачу Делан деза халкъ ду хьо. Хьан Везачу Дала хьо хаьржина, хьох Шен долахь долу халкъ дархьама, дуьнен чохь мел долчу халкъашна юкъара схьа а хаьржина дина долу. Цкъа уьш Везачу Элана гІуллакх деш а, марха кхобуш а болчу хенахь Делан Сино элира: «Бар-Нааб а, Шаул а Ас цаьрга кхайкхинчу гІуллакхна схьакъаставе Суна», – аьлла. ТІаккха ПахІала а, Бар-Нааба а майрра элира цаьрга: «Делан дош уггар хьалха шуна хьеха дезаш ду тхо. Амма аша и тІе а ца лоцу, Дела волчохь долчу хедар доцучу дахарна шаьш хьакъ а ца хета, цундела оха къамел кхечу къаьмнех болчаьрга дийр ду. Вукхо бакъо елча, ПахІала, ламин тІегІанаш тІе а хІоьттина, нах совцо куьг айира. Массо а дІатийначу хенахь иза Іебархойн маттахь къамел дан хІоьттира. АгІарипас Висите элира: «Суна сайна а лаьа оцу стаге ладогІа». «Кхана хьуна хезар ду иза вистхуьлуш», – аьлла, жоп делира Виситас. ШолгІачу дийнахь АгІарипа а, Беруника а, кеч а делла, шайца тІеман хьаькамаш а, гІалара лоруш болу нах а болуш кхел ечу цІа чу баьхкича, Виситас омра дира, ПахІал схьавалаве аьлла. ТІаккха АгІарипа-паччахьо элира ПахІале: «Къамел дан мегар ду хьуна», – аьлла. ПахІала, куьг хьала а айина, ша бехказавоккхуш къамел дира: Цуьнгахула кхечира суна векал хила аьлла долу совгІат, Цуьнан дуьхьа кхин мел долчу къаьмнех болу нах Делах тешийта а, Цунна муьтІахь хилийта а. Со дуьненна тІе а валале, со къастийначу Дала, Ша суна динчу диканца, суна хьалха Шен КІант дІахІоттийра, Цунах лаьцна болу хаза кхаъ, жуьгтий боцучу, кхечу къаьмнех болчарна а кхайкхорхьама. Со ца вахара цхьанна а адамах дагавала а, Цара мелхо а чІагІдира, хаза кхаъ кхечу къаьмнашна кхайкхор суна тІедиллина хилар, иза жуьгташна хьехар Кипина тІедилларе терра. ХІунда аьлча Кипех жуьгтийн халкъана векал Винчо, сох а вина кхечу къаьмнашна векал. Дала суна дина дика бахьана долуш, хазачу кхоан гІуллакхдархо хилла сох. И Делан совгІат суна делла Цуьнан ницкъаца. Суна, Делан долахь болчарна юкъахь уггар а лахара волчунна, деллера Делан доккха совгІат: кхечу къаьмнийн нахана Дала леррина Къобалвинчун кІорггера довзийла доцучу хьолах лаьцна болу хаза кхаъ дІакхайкхор а, Суна дуьххьара кхел ечу хенахь соьгахьа гІо даккха цхьа а ца веара, массара а дІатесира со. Царна дуьхьал ма доккхийла иза Дала! Амма соьца Веза Эла вара. Цо ницкъ белира суна хаза кхаъ кхоччуш болчу барамехь соьгахула дІакхайкхабайта а, массо а кхечу къаьмнех болчу нахана иза дІахазийта а. Иштта кІелхьарваьккхинера со лоьман багара.
Выбор основного перевода