Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Паччахьо цаьрга эр ду: „Аса баккъалла а боху шуьга: гІо оьшучохь хІокху Сан вежаршна, царах уггар ледара волчунна а, аша мел динарг Сан дуьхьа дина ду шуна“. ТІаккха Паччахьо цаьрга эр ду: „Аса баккъалла а боху шуьга: аша гІо оьшучохь Сан цхьанна а вешина гІо ца дина, царах уггар ледара волчунна а, иза Суна ца дина аша“. Дагахь латтаделаш Аса шайга аьлла дош: „Ялхо шен олахочул лакхара вац“. Нагахь Соьга халонаш хьегийтинехь, шуьга а хьоьгуьйтур ю. Нагахь Сан дош нийсса кхочушдеш хиллехь, шун дош а кхочушдийр ду. И дерриг а дийр ду шуна Сан цІе бахьана долуш, хІунда аьлча Со Ваийтинарг царна ца вевза. Лаьтта воьжча, суна сайга луьйш долу аз хезира: „Маржа Шаул яІ! Соьга бала хІунда хьоьгуьйту ахь?“ Тхо массо а лаьтта охьаийгира. Юха сайга лерина долу аз хезира суна, арамхойн маттахь къамел деш: „Маржа Шаул яІ! Соьга бала хІунда хьоьгуьйту ахь? Туьран дитт а хилла дуьхьалваьлла, хьайна зе хІунда до ахь?“
Выбор основного перевода