Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Со жуьгти ву, Килик-махкара Тарс-гІалахь вина волу, амма кхузахь, хІокху гІалахь, кхиийна ву. Сан устаз хилла Гамлиал. Цо леррина Іамийна суна вайн дайн товратан хьехамаш. Тахана шу санна, хьалха Далла леррина гІуллакх деш вара со. Іийсан некъа тІе бевлларш, лоьхкуш, лечу хьола тІе бохура ас. Божарий а, зударий а, схьа а лоьцуш, набахти чу кхуьйсура. Цунна тоьшалла дийр ду шуна динан коьртачу дас а, баккхийчеран кхеташоно а. Цаьргара дара ас схьаэцна Дамасакх-гІаларчу вежаршка-жуьгташка долу кехаташ. Со цига вахара, схьа а лаьцна, Ярушалайме таІзар дан нах схьабало. Амма новкъа вогІуш, со Дамасакх-гІалина герга веача, делкъахан хуьлучу заманчохь стигалара къеггина серло кхийтира суна гонах. Лаьтта воьжча, суна сайга луьйш долу аз хезира: „Маржа Шаул яІ! Соьга бала хІунда хьоьгуьйту ахь?“ Ас хаьттира: „Мила ву хьо, Веза Эла?“ Цо элира соьга: „Со Назартера Іийса ву, ахь эккхийна лелош волу“. Соьца хиллачарна серло гира, амма соьга луьйш Волчун аз къаьсташ ца хезира. Ас хаьттира: „ХІун де ас, Веза Эла?“ Везачу Эло элира: „Хьала а гІаттий, Дамасакх-гІала гІо, цигахь эр ду хьоьга ахьа дан дезарг“. Суна хІумма а ца гора, хІунда аьлча къеггинчу серлоно бІаьрса дайинера сан. Цундела некъахоша, куьг а лаьцна, Дамасакхе дІавигира со. Далла муьтІахь а волуш, товратан хьехамаш кхочушбеш а волуш, цигахь Іачу жуьгташа дика цІе йоккхуш волу Хьанас цІе йолчу стага, тІе а веана, элира соьга: „Ваша Шаул! Са гуо хьайна!“ Цу сохьта суна Хьанас гира. Цо элира: „Вайн дайн Дала къастийна хьо Цуьнан лаам хаа, къаьсттина Бакъверг ган а, Цуьнан багара аз хаза а. ХІунда аьлча гиначунна а, хезначунна а Цуьнан теш хир ву хьо массо а адамна хьалха. ХІун деш Іа хьо? Хьала а гІаттий, хьо хих чекх а ваккхийтий, къинойх цІанло, Везачу Эле Іийсага кхойкхуш“. Со Ярушалайме вухавеача, Делан цІийнан кертахь доІа дечу хенахь суна шовкъ еара: Суна Іийса гира. Цо соьга элира: „Сихло, Ярушалаймера аравала, хІунда аьлча кхузахь хьан Сох долу тоьшалла тІеоьцур дац“. Ас элира: „Веза Эла, цу нахана хаьа, со жуьгтийн гуламан цІеношкахула леллий, Хьох тешаш болу нах схьалоьцуш а, царна етташ а. Хьан теш хиллачу Тапин цІий Іеначу хенахь со цигахь лаьтташ вара, и гІуллакх къобал а деш, иза вуьш болчеран бедарш а ларъеш“. ТІаккха Цо элира соьга: „ДІавало, Аса генна вохуьйту хьо, кхечу къаьмнийн нах болчу“». Со а вара тешна, Назартарчу Іийсах лаьцна долчунна дуьхьал дуккха а хІума дан деза аьлла. И дерриг а дора ас Ярушалаймехь: Іийсах тешна беза нах набахти чу кхуьйсура, динан дайшкара бакъо а яьккхина, и нах байар къобал а дора. Ас таІзар дора царна массо а жуьгтийн гуламан цІеношкахь, уьш шайн дина тІера юхабовлийта гІерташ. Сайн царна дуьхьал йолу оьгІазалла сел чІогІа хиларна, кхечу гІаланашка а воьдура со уьш схьалеца». «Оцу гІуллакхна цкъа Дамасакхе воьдуш вара со, динан коьртачу дайшкара бакъонаш а яьхна, цара тІедехкина декхарш а эцна. Делкъахан хуьлучу хенахь, ва паччахь, тхо новкъа схьадогІуш, стигалара цІеххьана малхачул а чІогІа серло кхийтира. И серло тхуна гонах хІоьттира. Тхо массо а лаьтта охьаийгира. Юха сайга лерина долу аз хезира суна, арамхойн маттахь къамел деш: „Маржа Шаул яІ! Соьга бала хІунда хьоьгуьйту ахь? Туьран дитт а хилла дуьхьалваьлла, хьайна зе хІунда до ахь?“ Ас хаьттира: „Хьо мила ву, Веза Эла?“ Везачу Эло жоп делира: „Со ахь хьийзош волу Іийса ву. ХьалагІатта когаш тІе. Со веана, хьуна гиначун а, гун долчун а хьо теш а, гІуллакх кхочушдархо а вина, дІахІотто. Ас кхечу къаьмнийн нах болчу вохуьйту хьо. Хьайн халкъах а, кхечу къаьмнийн нахах а Ас кІелхьарвоккхур ву хьо. Церан бІаьргаш схьадиллина, боданера серлоне а баьхна, иблисан олаллина тІера Далла тІеберзор бу ахь уьш, царна гечдар хилийтархьама а, Сох болу тешам бахьана долуш, Делан базбинчу нахана юкъахь церан меттиг хилархьама а“». «Цундела, АгІарипа-паччахь, ас дуьхьало ца йира стигалара сайна хІоьттинчу бІарлагІина. Со кхайкхам бан волавелира цкъа хьалха Дамасакхехь а, Ярушалаймехь а, берриг а ЯхІуд-махкахь а, юха кхечу къаьмнийн нахана юкъахь, уьш дохко а бевлла, Далла тІе берзийтархьама, шайн гІуллакхашца дохкобовлар цаьрга гайтийтархьама. Ткъа Шаул Іийсах тешаш болу нах хІаллакбан волавелира. Цхьана цІа чуьра вукху чу а воьдуш, божарий а, зударий а дІа а лоьцуш, набахти чу бухкуьйтура цо.
Выбор основного перевода