Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Пулата динан коьртачу дайшка а, халкъе а дІахаийтира: «И стаг бехке ван цхьа а бахьана дац сан». элира: «ХІара стаг, халкъ карзахдоккху аьлла, валийна аш суна тІе. Шуна хьалха ас Цуьнга барт хаьттина, амма аш Цуьнан бехк беш тІедожийнарг суна гучу ца дели. Пулата кхозлагІа а хаьттира: «ХІунда? Цо хІун зулам дина те? Иза вен Цуьнгара даьлла цхьа а хІума ца карийна суна. Ас шодмаш а еттийтина, дІахоьцур ву Иза!» Цунна дуьхьал Пулата хаьттира: «Билггал бакъдерг хІун ду?» Иза а аьлла, Пулат юха динан куьйгалхошна тІевахара. Цо элира: «Цуьнан бехк болуш цхьа а хІума ца го суна. Юха а араваьлла, Пулата элира цаьрга: «ХІинца аса аравоккху ХІара шуна хьалха, сайна Кхуьнгара даьлла цхьа а бехк болу хІума ца карийна аьлла, шуна хаийтархьама». Іийса шайна гича, динан коьртачу дайша а, гІаролхоша а маьхьарий хьаькхира: «ЖІарах дІатоха Иза! ЖІарах дІатоха Иза!» – бохуш. ТІаккха Пулата элира цаьрга: «Схьа а эций, шаьш дІатоха Иза, хІунда аьлча суна Цуьнгара баьлла цхьа а бехк ца го». Нагахь и Делера делахь, шуьга иза сацалур дац. Шу шаьш а Далла дуьхьал девлларш хир ду». Лаьтта воьжча, суна сайга луьйш долу аз хезира: „Маржа Шаул яІ! Соьга бала хІунда хьоьгуьйту ахь?“ Со Ярушалайме вухавеача, Делан цІийнан кертахь доІа дечу хенахь суна шовкъ еара: Суна Іийса гира. Цо соьга элира: „Сихло, Ярушалаймера аравала, хІунда аьлча кхузахь хьан Сох долу тоьшалла тІеоьцур дац“. Амма суна хета, вел бахьана кхуьнгара ца даьлла аьлла. Рим-мехкан паччахь волчохь шена кхел яр кхо дехарна, ас сацам бина хІара цига дІахьажо. Цара, ара а бевлла, бохура вовшашка: «Цу стага иза вен я чуволла цхьа а бахьана ца далийтина».
Выбор основного перевода