Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
КІанта элира: «Жуьгташа барт бина, хьоьга ПахІал кхана коьртачу кхеташоне валаве аьлла, дехар дан, цуьнан гІуллакх дикка толлучуха. Цаьрга ла ма догІалахь, хІунда аьлча шовзткъа сов стаг ву цунна кІело йина Іаш. Цара дуй биъна ца яа а, ца мала а шаьш иза веллалц. Уьш хІинца кийчча Іаш бу, ахь ден долчу омре хьоьжуш». Оха къастийна: хІара стаг нахана зуламе хилар, дуьнен чохь массо а меттехь жуьгташна юкъахь питана туьйсуш а, назартхойн тобанан куьйгалхойх цхьаъ хилар а. ТІехула тІе Делан цІа сийсаздан а воьллера хІара, амма оха сацийра. ТІехула тІе Делан цІа сийсаздан а воьллера хІара, амма оха сацийра. Барт хаьттича, хьуна хьайна а хуур ду, оха хІара стаг бехкевар нийса дуйла». Со цІинваларан Іадатах чекхваьлча, Делан цІийнан кертахь карийра Асиа-махкара масех жуьгтичунна. Соьца адамийн тоба яцара, я гІовгІа а ца йора цхьаммо а. Уьш бара хьуна хьалха хІитто безарш, нагахь церан суна дуьхьал ала хІума делахь. «Шайна юкъара масех стаг ваийта соьца, – элира цо, – цаьрга хІара стаг бехке вайта, нагахь кхуьнан бехк белахь». Амма ас элира цаьрга, римхойн Іедал дац бехке веш волу стаг дІалуш, цкъа хьалха шен довхошца юьхь-дуьхьал а кхетта, бехказа вала бакъо яллалц аьлла.
Выбор основного перевода