Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нахана юкъахь, цхьаболчара цхьаъ, вукхара важа дуьйцуш, маьхьарий девлира. ГІовгІа хиларна бакъдерг къаста а ца делла, ПахІал гІопе дІавигийтира тІеман коьртачу хьаькамо. ШолгІачу дийнахь жуьгташа ПахІал стенна бехке во хаа а лиъна, цунна тІера зІенаш дІа а яхийтина, динан коьртачу дайшка а, ерриг а коьртачу кхеташоне а гулло а аьлла, ПахІал, схьа а валийна, царна хьалха хІоттийра тІеман хьаькамо. Амма къовсам кхин а чІогІа баларна тІеман коьртачу хьаькамо, наха ПахІал вовшахваккхарна кхоьруш, тІемалошка омра дира, лаха чу а диссий, царна юкъара схьа а ваккхий, иза гІопе дІавига аьлла.
Выбор основного перевода