Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхел нийса е, къечуьнга озабезам а ма бе, хьалдолчух а ма кхера. Нийсонца кхел е хьайн уллорачунна. Кхел ечохь а, хІуманан йохалла билгалйоккхучохь а, хІума узучохь а, юстучохь а харцо ма лелае. Иза иштта билггал хир ду, хІунда аьлча цара Сан къам Іехадо, цуьнга машар бу а бохуш, машар боццушехь. Халкъо ледара пен боьттича санна хуьлу, ткъа пайхамарша цу пенна тІе кир тоьхча санна хуьлу. Цу пенна тІе кир тоьхначаьрга и пен охьабужург хилар дІахаийта. ЧІогІа догІа а догІур ду, къора а тухур ю, буьрса мох цунна тІе а хьокхур бу. И пен охьабоьжча, халкъо хоттур ду пайхамаршка: ‘ХІун хилла аша цу пенна тІе тоьхначу кирах?’“ Цундела Хьалдолу Эла волчу Аса боху: „Аса Сайн дераллица буьрса мох бохуьйтур бу, Сайн оьгІазаллица чІогІа догІа а доуьйтур ду, Ас къора а тухуьйтур ю, дераллица массо хІума а хІаллакдархьама. Аша кир тоьхна болу пен Аса лаьтта тІекхаччалц бохор бу, цуьнан бух массарна а гуш хилийтархьама. И пен боьжча, цунна кІелахь шу хІаллакьхир ду. ТІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла. Ас Сайн оьгІазалла цу пенна а, цунна тІе кир тоьхначарна а тІеерзор ю. ТІаккха Ас эр ду шуьга: ‘Пен кхин бац, иштта цунна тІе кир тоьхнарш а бац – Къа ду шун, Іелам нах а, парушхой а. Шалхалла шайца ерш! Шу, кир а тоьхна, лаьтташ йолчу къуббанех тера ду. ТІехулара хьаьжча, уьш хазахета, ткъа царна чохь беллачеран даьІахкаш, дахкаделла долу дилха а ду. «Вайн товрат-хьехамо стаге ла а догІале, цо хІун леладо а хаале, кхел йо боху ткъа?»
Выбор основного перевода