Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Динан да а, Везачу Элан цІийнан уггар лакхара хьаькам а волчу Амиран кІанта Пашихьура, шена Ярми-ЯхІус Делера болу и хаамаш беш хезча, Ярми-ЯхІу-пайхамарна еттийтира. ТІаккха цо, Ярми-ЯхІу Везачу Элан цІийнан кертахь долу Бен-Яманан лакхара ков долчу а вигийтина, цунна дечиган буржалш тохийтира. Іийсас и аьлча, юххехьа лаьттачу гІаролхочо, Іийсан юьхь тІе тІара а тоьхна, элира Цуьнга: «Иштта жоп лур дара Ахьа динан коьртачу дега?» Іийсас жоп делира цуьнга: «Ас цхьа хІума нийса ца аьллехь, схьаала, иза иштта дац аьлла. Аса нийса аьллехь, Суна хІунда етта ахь?»
Выбор основного перевода