Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Вежарий, ладогІалаш хІинца ас аьндолчуьнга». ШолгІачу дийнахь жуьгташа ПахІал стенна бехке во хаа а лиъна, цунна тІера зІенаш дІа а яхийтина, динан коьртачу дайшка а, ерриг а коьртачу кхеташоне а гулло а аьлла, ПахІал, схьа а валийна, царна хьалха хІоттийра тІеман хьаькамо. Цундела дерриг а сайн ницкъ кхочург дан гІерта со Далла а, нахана а хьалха догцІена хилархьама. Оха дозалла а до, тхан дегнаша тоьшалла а до, дуьнен тІехь тхо лелар а, шуьца йолу юкъаметтиг а Далла хьалха догцІена а, хІумма а къайла ца доккхуш а хилла аьлла. Ткъа иза адаман хьекъалца а доцуш, Делера долчу диканца дара. Дийнахь а, буса а сайн доІанашкахь хьо дукхазза а дагавогІуш, сан дайша ма-барра, цІеначу дагца айса лоруш волчу Далла хастам бо ас.
Выбор основного перевода