Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цкъа буьйсанна ПахІална сурт хІоьттира. Везачу Эло элира цуьнга: «Кхера ма кхера! Нахаца къамел кхин а де, вист ца хуьлуш ма Іе! И хІума хиллачул тІаьхьа Македонехула а, Ахаехула а Ярушалайме ваха сацам бира ПахІала. Цо элира: «Цигахь хилча, со Рим ган а декхарийлахь ву», – аьлла. Цо элира: „Кхера ма лолахь, ПахІал! Хьо Рим-мехкан паччахьна хьалха хІотта дезаш ву, Дала хьан доІанна жоп делла, цундела хьо а, хьоьца кеманна тІехь берш а дийна буьсур бу“. Римехь ПахІална къаьстина Іе бакъо елира, амма тІемалочо ларвеш вара иза. Цара цхьа де билгалдаьккхира. Дуккха а жуьгтий баьхкира ПахІал сецначу цІийне. Іуьйранна дІаволалой, сарралц дуьйцура цо царна Делан Олаллех лаьцна, ша Іийсах лаьцна аьлларг бакъ хилар тешо гІерташ, Муса-пайхамаран хьехамаш тІера а, пайхамарша дІаяздинчунна тІера а тоьшаллаш а далош.
Выбор основного перевода