Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ГІала карзахъяьллера, массо а агІора адамаш дара схьауьдуш. Цара, схьа а лаьцна, ПахІал Делан цІийнан кертара аратакхийра. НеІарш цу сохьта тІекъевлира. Иза вен гІертара уьш. ТІеман коьрта хьаькамна тІе хаам кхечира, ерриг а Ярушалайм карзахъяьлла ю аьлла. Цу сохьта тІемалой а, эпсарш а схьа а эцна, нахана тІевахара иза. ТІеман коьрта хьаькам а, тІемалой а гина, ПахІална еттачуьра севцира уьш. ТІаккха тІеман коьрта хьаькам цунна тІевахара. ПахІал схьа а лацийтина, иза шина зІенаца дІавехка аьлла, омра дира цо. ПахІале иза мила ву, цуьнгара хІун даьлла аьлла, хаьттира цо. Амма шед етта доьхкаршца ша дІавихкинчу хенахь ПахІала элира цигахь лаьттачу тІеман хьаькаме: «Нийса дуй Риман вахархочунна, кхел а ца еш, шед еттар?» Иза хезна, тІеман хьаькамо, шел лакхарчунна тІе а вахана, элира: «Хьо хІун деш ву? И стаг Риман вахархо ма ву». Лакхарчу тІеман хьаькамо, тІе а веана, хаьттира ПахІале: «Алал, хьо Риман вахархо вуй?» «Ву», – аьлла, жоп делира ПахІала. Коьртачу тІеман хьаькамо элира: «Суна дуккха а ахча ийшира Риман вахархо хила». ПахІала элира: «Со вичхьана а ву Риман вахархо». Ша Риман вахархо дІавихкинийла хиъча, коьрта хьаькам кхеравелира цуьнга барт хатта кечбелларш цу сохьта юхабевлира, ткъа.
Выбор основного перевода