Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цигахь, мурдаш дегнашца чІагІбеш, шайн тешарехь чІогІа хила бохуш, Іамабора цара. «Вай лан езаш дукха халонаш ю Делан Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь хилале», – бохура цара. Царна юкъахь Тхьайтир-гІалара еана, Лидия цІе йолуш цхьа зуда яра. Иза цІен деза кІадеш духкуш яра. Лидия Дела лоруш яра. ПахІале ладоьгІучу хенахь Везачу Эло дог схьадиллира цуьнан, ПахІала дуьйцучух тешийтархьама. Дала леррина Къобалвинчуьнца хилар бахьана долуш иракарахІуьттур дуй те шу? Цунна шу дезарх синтем хир буй те шуна? Цуьнан Синца мелла а тІекаре дуй те шу? Вовшийн догъэцар а, вовшех къахетар а дуй те шун? Делахь хилийтийша сан воккхавер дуьззина, цхьатерра ойланаш а йолуш, цхьа безам а болуш, цхьа барт а болуш, цхьа Іалашо а йолуш.
Выбор основного перевода