Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара доІа чекхдаьккхича, уьш лаьтташ болу меттиг егийра, цу сохьта берриш а Делан Синах буьзира. Цул тІаьхьа цара майрра кхайкхадора Делан дош. Буьйсанна Везачу Элан малико, набахтин ков схьа а диллина, арабехира уьш. ЦІеххьана Везачу Элан малик а деана, набахтин чоь серлаяьккхира. Муьшка йина, Кипа сама а ваьккхина, малико элира: «ХьалагІатта сиха!» Цу сохьта Кипин куьйгаш тІера зІенаш охьаийгира. Уьш цхьана гІаролах а, шолгІачу гІаролах а тІех а бевлла, гІала доьдучу аьчка кевнна тІебаьхкира. Ков ша царна хьалха схьа а делладелла, уьш арабевлира. Бехачу урамехула чекхделира и шиъ, юха малик къайладелира. Суна гира Іахаро йолхалгІа мухІар дІадоккхуш. ТІаккха чІогІа мохк бегийра. Малх а, Іаьржачу тІергІан духар тІедуьйхича санна, кхоьлира. Стигалара бутт а, цІий санна, цІийбелира. ЦІеххьана баьллачу чехкачу мохо инжиран дитташна тІера хилаза долу церан стоьмаш эгош санна, стигалара седарчий а Лаьтта тІе охьаийгира. Стигал а, хьарчийна долу тептар санна, дІа а хьаьрчина, дІахьулъелира. ХІора лам а, гІайре а меттахъяьккхира. Лаьттара паччахьаш а, церан уллоранаш а, тІеман хьаькамаш а, хьалдерш а, нуьцкъалнаш а, массо леш а, паргІат берш а хьехашна чохь а, чІажашна чохь а дІалевчкъира. Цара лаьмнашка а, тархашка а бохура: «Тхуна тІе а эгий, дІахьулдейша тхо Іарша тІехь хиъна Волчунна гарх а, Іахаран таІзарх а. Цара таІзар даран къематде тІедеана. Иза хьаьнга лалур ду те?»
Выбор основного перевода