Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Хьан хІун гІуллакх ду тхоьца Назартара Іийса? Тхо хІаллакдан веана Хьо? Суна хаьа Хьо мила ву – Делан Везаниг!» Тайп-тайпана цамгарш йолу дукха нах тобира Цо. Дукха жинаш а нахана чуьра арадехира Іийсас, амма, Ша царна вевзий хууш, Іийсас ца магадора, Ша мила ву дийца. чІогІа мохь хьаькхира цо: «Хьуна хІун оьшу соьгара, Іийса, Веза Воккхачун КІант? Делан дуьхьа доьху Хьоьга, ма хьийзавехьа со?» «ХІей, Хьан хІун гІуллакх ду тхоьца, Назартара Іийса? Тхо хІаллакдан веана Хьо? Суна хаьа Хьо мила ву – Делан Везаниг!» – бохуш. Амма уьш чІогІа кхерабелла хиларна, цара цецбовларца вовшашка хоьттура: «ХІара мила ву те, ур-атталла мох а, хиш а Цунна къарлуш хилча?»
Выбор основного перевода