Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
КІантах тешачунна Дела волчохь хедар доцу дахар хир ду. Ткъа КІантана муьтІахь ца хуьлучунна цкъа а гур дац и дахар, амма Делан оьгІазло а йолуш ю цунна тІехь. Бакъдерг боху Ас шуьга: Тешаш волчун хир ду Дела волчохь хедар доцу дахар. Делан КІантах тешаш волчун и тоьшалла даг чохь ду. Ткъа ша Делах цатешачо Дела аьшпаш буттург во, хІунда аьлча иза Дала Шен КІантах аьллачух ца теша. Ткъа тешарца Далла хьалха адамаш бакъдарх лаьцна цо иштта боху: «Шайн дегнашкахь ма хетта: „Мила вер ву стигалшка хьала?“ – бохуш», (иза ду Дала леррина Къобалвинарг кхуза охьавалорхьама). «Иштта ма хетта шайн дегнашкахь: „Мила вуссур ву эхарте?“ – бохуш», (иза ду, Дала леррина Къобалвинарг беллачарна юкъара кхуза хьалаваккхархьама). ХІан-хІа! ХІун аьлла ду Делан Йозанашкахь? «Делан дош хьуна юххехь а ду, хьан матта тІехь а ду, хьан дог чохь а ду». И дош вай адамашна хьоьхуш долчу тешарх лаьцна ду. «Іийса Веза Эла ву!» – бохург хьайн баганца ахь къобалдахь, Дала Иза веллачуьра денвина хиларх хьо даггара тешахь, хьо кІелхьарваьккхина хир ву. ХІунда аьлча даггарчу тешаро стаг Далла хьалха бакъвина хиларна тІевалаво, ткъа баганца къобалдаро стаг кІелхьарваьккхина хиларна тІевалаво. Делан Йозано боху: «Муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьІаьржачу хІуттур вац».
Выбор основного перевода