Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Самаваьллачу гІаролан хьаькамна массо а неІ йиллина гира. Тур а даьккхина, ша-шена тоьхна, вала гІерташ вара иза. Цунна моьттура чубоьхкинарш бевдда. Набахтин хьаькамо элира ПахІале: «Кхелахоша хьо а, Сали а дІахеца аьлла! Шуьшиъ маьрша дІаваха йиш йолуш ву!» Уьш Дала леррина Къобалвинчунна гІуллакх дийраш буй? Аса хьераваьллачо санна дуьйцу, амма со царал а сов Дала леррина Къобалвинчунна гІуллакх дийриг ву. Цара чул а дукха къахьоьгура аса. Царал а дукха набахти чохь воллура. Царна чул а дукха шодмаш еттара суна. Уьш хуьлучул а дукхазза а Іожаллин кхерамехь хуьлура со. Кхузза гІожмаш йиттина суна. Цкъа тІе тІулгаш кхиссина суна. Со тІехь а волуш, хІордкема кхузза дуьйхира, аса цхьа дей-буьйсий хІорда чохь а даьккхира. Шу а, со а хаза кхаъ ларбархьама цхьатерра дикачу тІамехь ду. Шуна ма-гарра, хьалха а ас беш изза тІом бара. Ткъа хІинца, шуна ма-хаззара, со кхидІа а оццу тІамехь лаьтташ ву. Ткъа, шуна ма-хаъара, хьалха Пилап-гІалахь баланаш а лайна, сий дайина дара тхо. Тхайна луьра дуьхьало йинехь а, тхайца Дела волу дела, тхо майрра шуна хаза кхаъ кхайкхо гІиртира.
Выбор основного перевода