Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Македонера Сали а, Тимапи а схьавеача, ПахІала шен ерриг а хан хьехамаш беш дІахьора. Цо тоьшалла дора жуьгташна хьалха, Дала леррина Къобалвинарг Іийса ву бохуш. И хІума хиллачул тІаьхьа Македонехула а, Ахаехула а Ярушалайме ваха сацам бира ПахІала. Цо элира: «Цигахь хилча, со Рим ган а декхарийлахь ву», – аьлла. Цо шен накъостех шиъ, Тимапи а, Арсати а, Македоне вахийтира, ткъа ша Асиахь сецира. Адамийн карзахдийларш дІасевцча, Іийсан мурдаш схьа а кхайкхина, цаьрга дог иракарахІоттош къамел а дина, церан Іодика а йина, Македоне дІавахара ПахІал. Цигахь цо кхо бутт баьккхира. Сири-махка иза дІаваха кечвеллачу хенахь жуьгташа къайлаха барт бира цунна дуьхьал. Цо сацам бира, Македонехула Сири-махка юхаваха. Асиа-махка доьдучу Адрамитти-гІалин хІордкеманна тІе а хевшина, новкъадевлира тхо. Тхоьца Арестах цІе йолу Тассалник-гІалара македонхо а вара.
Выбор основного перевода