Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІора дийнахь цхьаьна Делан цІийнан кертахь бара уьш. ЦІеношкахь цара хазахетарца а, даггара а, кег а деш, бепиг дуура, Цо цхьа хаза кхаъ бахьар бу шуна. И кхаъ бахьанехь хьо а, хьан цІеранаш а кІелхьарбевр бу“. Жуьгтийн гуламан цІийнан хьаькам волу Крисп а, берриге а цуьнан цІеранаш а Іийсах тийшира. ПахІале ладоьгІна болу дуккха а Коринт-гІалара бахархоша, Іийсах а тешна, шаьш хих чекхбахийтира. Дегайовхо луш волчу Дала шун тешарехула хазахетарх а, синпаргІатонах а дузийла шу, Делан Синан ницкъаца шун сатийсар даим алсамдалийтархьама.
Выбор основного перевода